Евровизион-2018
Евровизион-2018 | |
---|---|
All aboard! (Дерриш кеман тӀедовла!) | |
Терхьаш | |
1-ра ахфинал | 2018 8 май |
2-гӀа ахфинал | 2018 10 май |
Финал | 2018 12 май |
ДӀаяхьар | |
ДӀаяхьаран меттиг | Лиссабон, Португали, Алтис-Арена |
Кхочушдаран супервайзер |
Юн Ула Санн |
Коьртаниг гойтуш верг | RTP |
Декъашхой | |
Дерриш бераш | 43 |
Йухабирзинарш | Росси |
ЖамӀаш | |
Кхаж тасаран система | ХӀора мехко ло ши комплект 12 а, 10 а, 8—1 балл 10 эшарна: хьалхара — говзанчийн жюригара, шолгӀа — телехьовсархошкара. |
Толаман эшар | «Toy» ( Исраил) |
Евровизион | |
2018 | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Эшаран къовсам «Евровизион-2018» (инг. Eurovision Song Contest 2018, фр. Concours Eurovision de la chanson 2018, порт. Festival Eurovisão Da Canção 2018) — дуьххьара Португалин коьрта шахьрахь Лиссабон гӀалахь чекхбаьлла 63Кеп:NbhyгӀа эшаран къовсам «Евровизион». Иза Португалехь хилира Киевхь, Украинехь хиллачу хьалхарчу шеран къовсамехь Собрал Салвадоран «Amar pelos dois» эшарца баьккхина толам бахьнехь. Къовсаман хьалхара а, шолгӀа а ахфиналаш хилира 8 а, 10 а майхь, финал — 2018 шеран 12 майхь. Туьйлира Исраилан векал Барзилай Нета «Toy» эшарца.
ДӀаяхьаран меттиг
[бӀаьра нисйан | нисйан]«Евровизион-2017» эшарца «Amar pelos dois» Собрал Салвадора баьккхина толам бахьнехь, конкурс тӀеийцира толамхочун мехко — Португалис. Къовсам дӀабаьхьира «Португалин радиос а, телевизиона а» (RTP)[1]. «Евровизион» къовсаман кхочушдаран супервайзеро Санн Юн Улас толамхочун пресс-конференцехь португалин гайтархочуьнга элира кандидаташ харжаран процесс дӀахьо, хьалха ма-баххьара[1]. 2017 шеран 15 майхь RTP тӀечӀагӀдира, къовсам дӀабахьаран меттиг хир ю Лиссабон, амма чеккхенца сацам тӀаьхьа бийр бу[2].
Оьздангалла долаяккхарна бехкеяр
[бӀаьра нисйан | нисйан]Толамхо Нета «Toy» йиш лекхна яьлча емалчааша бехке йира иза японин оьздангаллин элементаш долаяхарна. Бехкеллаш кхайкхийра социалан машанашкахь, цуьнан гайтам «сийсаза беш» бу аьлла кхайкхийра. Эшар локхуш цуо лелийра кимоно а, кур а, ткъа кхин а цуьнан гайтамехь лелийра Манэки-нэко[3][4][5].
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Берийн Евровизион — 2018
- Евровизион Ази 2018
- Къона музыкантийн къовсам «Евровизион-2018»
- Тюрквизион-2018
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Escudero, Victor M.; Paul Jordan, Yullia Kryvinchuk.: Winner's Press Conference with Portugal's Salvador Sobral (инг.). eurovision.tv. Европейский вещательный союз (ЕВС) (2017 шеран 14 май). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 май.
- ↑ RTP vai organizar o próximo Festival da Eurovisão (порт.). rtp.pt. RTP (2017 шеран 15 май). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 16 май.
- ↑ "Israel's Eurovision winner Netta Barzilai accused of cultural appropriation". SBS News(ингалс.). ТӀекхачаран де: 2018 ш. 28 майхь.
- ↑ "Eurovision 2018 winner Netta has been accused of cultural appropriation". The Independent(ингалс.). 2018-05-13. ТӀекхачаран де: 2018 ш. 28 майхь.
- ↑ "Eurovision favourite Netta: 'I don't sing beautifully'". The Independent(ингалс.). 2018-05-07. ТӀекхачаран де: 2018 ш. 28 майхь.