[go: up one dir, main page]

Чулацаман тӀегӀо

ХӀижрат

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(ХӀиджрат тӀера хьажжина кхуза)

ХӀижрат (Ӏаьр. الْهِجْرَةُ‎‎ — «кхалхар») йа пайхамаран хӀижрат (Ӏаьр. الْهِجْرَةُ النَّبَوِيَّةُ‎‎ аль-хӀижратун-набавийят) — иза Мухьаммад пайхамар ﷺ а, цуьнан асхьабаш а Маккара Ясрибе кхалхар ду, тӀаьхьо цунна «Мадийнат» аьлла цӀе тиллина, и хилам хилла 622-чу шарахь, къурайшийн куьйгалхошкара царна хуьлуш долу зенаш а, Ӏазапаш а бахьана долуш, къаьсттина Абу ТӀалиб веллачул тӀаьхьа. Халиф Ӏумар ибн аль-ХаттӀабан омранца, шен халифатан заманахь бисинчу асхьабашца дага а ваьлла, пайхамаран хӀижрат исламан рузманан йуьхь санна тӀеэцна[1]. Мадийнате хӀижрат дар бусалбачарна важиб хилла, дуккха а айаташ диссина бусалбачаьрга хӀижрат даре кхойкхуш, Макка схьайаккхалц[2][3].

  1. التأريخ الهجري أحداث و مناسبات .. saaid.org. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 5 август.
  2. إسلام ويب - تفسير القرطبي - سورة الأحزاب - قوله تعالى وإذ قالت طائفة منهم يا أهل يثرب لا مقام لكم فارجعوا - الجزء رقم14 (Ӏаьр.). www.islamweb.net. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 5 август.
  3. ما معنى الهجرة ومتى تجب على المسلم؟ - محمد الحسن الددو الشنقيطي (Ӏаьр.). ar.islamway.net. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 5 август.